ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кевнаш къевлина, ахча дац. Хьанна юьзина пачхьалкхо резерваш?


Блант Максим, Маршо Радио, оьрсийн сервис

Оьрсийчохь шога хьелаш кхайкхийна. Пачхьалкх дийна латто оьшу цхьа дакъа доцург, карантинехь Iан беза 100 миллион сов бахархой. Экономика сецна. Адамашна а, бизнесна а пачхьалкхера комаьршша гIо оьшур дуйла гуш дара кризис йолалушшехь. Амма дац халкъанна пачхьалкхера цкъачунна гуш цхьа а накъосталла. Оцу хьокъехь дуьйцу Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Коронавирусах Оьрсийчоь хьулъяла йоьлла, доккхачу декъанна, президента Путин Владимира байначу беттан 25-чохь бахархошка дIахьедар динчул тIаьхьа. Амма цуьнан къамел данне а дацара Iедало дендолчу гIоьнах лаьцна – балхах мукъабехира бахархой кIиранна, ткъа уьш кхабар тIедожийна бизнесна.

Пачхьалкханна тIера декхар охьадоккхуш, къинхьегаман министралло а даржийна шен дIахьедар. Байначу а, хIинца болабеллачу а беттанашкахь белхолойн къахьегна денош дацара, я кIезиг дара аьлла, лахдойла дац церан алапаш, боху урхалло. Белхаш латточу хьукматийн бакъо яц, цо бахарехь, наханна мукъадитинчу кIиранна ахча ца дала.

Шен рицкъ ца хьедичхьана

Амма ца аьлла я президета а, я къинхьегаман министралло а, белхийн хьукматашна стенгара дер ду цIахь Iачу белхалошна дала ахча. Ткъа дихкина алапа лахдан а, ахча ца луш нах садаIа хьовсо а. Иштта ду, кхечу кепехь данне а дац!

Кхечу пачхьалкхашкахь компанешна Iедало ло алапашна дIадала дезачу ахчанах 80%. Ткъа Путина оцу хьокъехь дош а ца аьлла.

Кхеташ ду, хьаькамашна, церан урхаллашна, массо а тайпа долчу эскаршна, полицина, къайлахчу ницкъашна пачхьалкхан бюджет ю. Пенсеш, кара беъначу беттан а тIехь, дIахьовсийна регионашка. Ткъа бисинарш? Уьш шаьш хIинццалц IаIийнарг дIадууш бу, пачхьалкхо, хьолах а кхетта, шайна гIодаре са а туьйсуш.

Цомгуш хиллачу бахархошна лучу ахчанах аьлларг а ду изза – алапашка хьажжий, хьалха санна, дIало. Амма хьан дала деза иза? Дера деза болх латточу компанеша, фирманаша, совдегарша.

Ял тIехьаттар дац иза яла ца еза бохург

Кхин а цхьа аьтто дIакхайкхийна Путина: декхарлашка яхана компанеш банкротийн декъа ма йига эха шера чохь. Ткъа цигахь а ца аьлла дош Iедале ялун йолчу компесацех лаьцна. Таро йоцчу фирманашна ахча даларна бехке банкаш ю – цундела цара шаьш ловр бу и бала, Iедал мукъа ду оцу проблемах а.

ТIедогIу рицкъ коронавирус бахьанехь 30% лахделлачарна ханна тIерадаьккхина ипотеках ахча дIадалар. Бакъду, изза дина кхечу пачхьалкхаша а, амма цара банкашна меттахIоттор ду хилла зен. Ткъа Путина оцу хьокъехь а ца аьлла цхьа а дош.

Декхарш ханна тIехьататтар дац уьш дIадала дезар дац бохург. Дезар ду дIадала цхьа хан еъча, делахь а, дацахь а дIадоьхур ду.

Ун ловш, цунах шайн хIусамашкахь хьулделла Iачу халкъанна, я вирусо лаца а лаьцна, дарбан цIеношкахула лелочу наханна деш долу гIо а ду беламе. Кху баттера дуьйна дIа кхаа баттанна 5000 сом лур ду кхо шо кхачанза долчу беранна, нагахь санна доьзал ненан капитал эца бакъо йолуш белахь. И бу беш болу берриг а аьтто!

Бюджет юзарх ойла а хазийра Путина шен къамелехь. 1 миллионал сов банкехь ахча долчу нахера а, Оьрсийчуьрчу компанешкахь акционераш болчу кхечу пачхьалкхийн бахархошкара а (цара оьцучу дивидендашна тIера) йоккху ял лакхайолу, элира президента.

Дика ду, буьтур вай Оьрсийчоьно ишта а ловзош боцу арахьара акционераш. Амма муьлш бу Путина буьйцу «миллионал сов» ахчанаш дерш? Бац уьш олигархаш, миллиардераш. Валар-висар хилахь а аьлла, шен хьал банкашка диллина Iен пекъарш бу. Грефа Германа, Оьрсийчоьнан Сбербанкан куьйгалхочо, чекхдер дац аьлла, банкашкара ахча наха дакъошка а даьккхина, миллионал лахдеш, массийтта метте охьадиллар – стеган массо а депозиташ тергалйийр ю пачхьалкхо.

Финансаш могуш а, дуккха а «церан» ю, халкъан яц

Халкъан доккхахдолчу декъе дегабаам бойту хьоло: «вайгахь финансийн паргIато ю», «вайн резерваш ю яккхий», бохуш дина къамелаш ца хилла пачхьалкхерчу массо а бахархойн таронех лаьцна деш – бюджетера ахча оьцучу халкъан декъах лаьцна деш хилла. Шаьш-шайна юьтуш ю кху сов халачу муьрехь пачхьалкхан текха тIера рицкъ дууш йоцу компанеш, фирманаш, совдегарш, цаьрца къахьоьгу белхалой а. ХIун ду хуьлуш дерг? Iедалан структурех, цуьнан компанех, системах йоцу массо а компанеш, фирманаш, цигара нах буьсу шаьш гулдинарг даа, шайн кисанах тоам бан.

Путина дина къамел а, ден гIуллакхаш а цамаггал къаьсташ ду кхечу пачхьалкхийн лидерша дечух. Оцу хьоло шеко юьту Путин а, цуьнан го а пачхьалкхехь хIоьттинчу хьолах буьззина кхета бохучух.

Президентан къамело шайн дегнаш чохь йитина хьу къайла ца яхьаелира еарийдийнахь цо шеца къамеле кхайкхинчу бизнесхошка.

ЦхьамогIа экономисташа, шайлахь Iилманча Гуриев Сергей а, Чикагорчу университетан а, Оьрсийчуьрчу Экономикан Лакхарчу Школин а профессор Сонин Константин а волуш, кехат дахьийтина Путине, Центробанко а, министрийн кабинето а фирманийн дайшна-совдегаршна деш дац цхьа а гIо, аьлла.

Кехатан авторша боху, коронавирусо йохийна экономика, финансаш Iалашлур яц бюджетера луш долчу 300 миллиард соьмаца, дайа дезар ду 20-30-зза дукха ахча - 5-6 триллион. И ахча сихха ца хилахь, ирча хьал хIуттур ду Оьрсийчохь, боху экономисташа.

Кехато ойла яйтинчух тера ду Кремле. Центробанко а, Iедалан хьалханчаша а шаьш дийр ду аьлла кхечу пачхьалкхаша дечу гIоне кхоччуш гIо Оьрсийчохь а. ХIинца тIетаьIIина болхбан йолалуш ю пачхьалкханна кехатан ахча арахьоьцу хьукматаш. Таронаш йолчу банкашна луш ду 5 триллионе кхаччалц ахчанаш, йоккхур яц, боху, и ахча юхалуш охьаюьллу шеран ял 0,15% бен.

Аьлла пачхьалкхо, ша юхалург ахча хуьлуьйтур ду белхалошна дIадала ахча доцуш йисинчу компанешна. Путина юхьанца дийр ду аьллачу гIоьнал тоьлаш ду хIинца дан мега боху гIо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG