ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь коронавирус яржарна дуьхьал ша дийриг бахархоша къобалдо, боху Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчохь коронавирус ца яржийта динарг шен хеннахь динера, иза къобалдо наха, аьлла дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, Нохчийчуьрчу бахархоша къобал йо Iедалша яьхна гIулчаш, шайна юкъахь хецца арахула лелар дехкар а долуш.

"Оха Iалашо хIоттийнера вирус яржаран зIе хадо, ткъа цунна тIедоьлхуш а ду тхо. Тхан лозунг ю: "ХIаллакъйе вирус!" Ткъа тхуна хаьа иза муха дан деза", - яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.

Зазадоккху-беттан 28-хь дуьйна республикан Iедалш чIагIйина карантин, Нохчийчоьнан дозанашкахула дIасалеларна доза а тухуш. Изза дина Соьлж-ГIалахь а.

Хьалхо Кадыровс харцдира ницкъаллин структурийн белхахоша карантинан раж ца ларйинчу бахархошна ницкъ бо бохург. Кху деношкахь социалан машанашкахь видеоролик яьржнера, карахь пластикан биргIанаш а йолуш, яьссачу гIалахула лелачу полисхойх лаьцна. И бахьана долуш нехан харц ойланаш кхоллаелла, аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG