ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьонкица дуьхьало ер вай коронавирусна!


ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Азимова Сийлаха

Австрехь беха нохчий боьхна бац керлачу цамгаран ун даржарх лаьцна хаам кхачарна

Керла юкъаяьлла коронавирус дIакхаьчна Австре. COVID-19 олу и ун даьлла нах гучубевлла Италин дозанца йолчу Инсбрукехь. Амма дIадаханчу кхаарин дийнахь хаам кхечира Венерчу яхархочун коронавирус кхетта хиларх лаьцна. Дукха хан йоццуш Италехь садоIуш хилла Венерчу цхьана гимназин хьехархо охьайиллина хIоспитале, оцу вирусан билгалонаш а хааелла.

Меттигерчу бахархоша тӀаьхьалонан кхачанан сурсаташ оьцучу хенахь, цигахь беха нохчий дукха синтем болуш ладоьгIуш бу коронавирусах лаьцначу къамелашка.

Кавказ.Реалиин корреспондентца къамел деш цара шаьш шеконца тIеоьцу бохура коронавирусца боьзна кхерам цу бессара йоккху масштаб йолуш бу бохург.

"ХIора шарахь хаамаш гучубовлу, керла кхераме цамгар яьржина олий. Я Эбола, я олхазарийн грипп, я кхин. Бакъдерг дийцича, хIинцале кIордийна иза. Таханлерчу денна нохчашна уггар кхераме цамгар цхьаъ ю – онкологи. Цунах дукха адамаш леш ду. Кегийрхой а цхьаьна. Иза нисса дIа хиллачу тIеман а, тIамо экологи хIаллакъяран а тIаьхье ю", - аьлла хета Венехь ехачу Сейлмуханова Маликина.

Коронавирусца йоьзна цамгар Вене кхачар бахьана долуш цунах ларбала кхин хIара ю аьлла гIулчаш яха дагахь бац Малика а, цуьнан доьзал а. "Сан 5 бер ду. Иза ду тхан цIахь дуккха а тӀаьхьалонан кхачанан сурсаташ ду бохург. Кхера хIунда оьшу? Олуш ма хиллара, яздинчух вера вац", - бохуш дуьйцу цо шена хетарг.

Хьонка vs коронавирусана

Коронавирус кхаьчначу хьалхарчу Австрин гIалахь, Инсбрукехь, бехаш бу Мусаев Султанан доьзал. Цо дийцарехь, цигар хьал синтеме ду. ГIалахь вуно кхераме йолу вирус кхетта нах хиларх лаьцна цунна хиира радиочухула хаам бича.

Мусаевс дийцарехь, цуьнан бераш хьалха ма хиллара школе лелаш ду, ткъа иза ша ву балха лелаш. Цуьнан долахь ю, маситта стаг чохь болх беш волу, оьрсийн сурсаташ духку ши туька. Царна а, эцархошна юкъахь а цхьа а воьхна стаг ца хаавелла шена, бохуш вара Мусаев.

"Тхан туькана богIу бIеннаш эцархой, царна юкъахь дуккха а нохчий бу. ТIаьхьарчу деношкахь сурсаташ дохкар лах ца делла тхан. Адамаша хьалха санна оьцу шайна оьшург", - дийцира бизнесхочо.

"ТIема дуьйлу дехкий ас ца дуу, суна уьстагIан тIа гIоле хета. Хьонка а баьлла гучу, цуьнца цхьа а вирус кхераме яц", - элира коронавирус хьокъехь шега хаттар дича Венерчу вахархочо Аслана.

ГIалан юккъе аравалале хьонка баа беза, шоьх хьонкан хьожа йогIур ю, адамаш хьуна герга гIертар дац, цу кепара ларамаза вирус хьакхаяларан кхерам лахлур бу шуна, забаре хьехар дира цо.

Доха бахьана дац

Оцу юкъана Австрин могушаллан министраллан векло билгалдаьккхина, бахархой боха бахьана дац аьлла. Оцу министраллан сайта тIехь хIора сохьтехь карлабоккхуш бу вирус яржарца а, Iедало цунна дуьхьало еш дечух лаьцна а хаам.

Венерчу медицинан университетан студенто Исрапилов Халида, нохчийн диаспоран векалийн дехарца, леррина аудиокхайкхам дIаязбина Австрехь бехачу нохчашка. Цу кхайкхамехь цо хаийтина доха оьшуш ца хиларх а, вирусах ларбала лело дезачух а лаьцна.

Кавказ.Реалиин корреспондентца къамел деш Исрапиловс билгалдаьккхира хIора шарахь цхьана Австрехь могIарерчу гриппах а, цуьнан тIаьхьалонех а леш 1000-2000 стаг хилар.

"МогIарера грипп санна бен кхин кхераме яц коронавирус. Ас хIора денна юкъаметтигаш лелочу лоьрашна хаьа доха оьшуш бахьанаш цахиларх лаьцна. Амма лардала деза вирус ца кхетийта", - элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG